Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. «Доккхадеш ма хила, пІелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гІаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дІаьвше кІорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хІоьах кхераме саьрмик хир ма бу. Мискачарах уггар кІезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагІий санна, кхерам боцуш Іохкур бу, амма шун орам, мацалла а хІоттийна, хІаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кІелхьарваьлларг а лийр ву. цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; ПирІун Іази-гІалина тІелатале хьалха Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера пІелаштамхойх лаьцна болу хІара хаам кхаьчна. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу. Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама. Іази-гІалин пенашна тІе а цІе хьажор ю Ас. Цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду.
Выбор основного перевода