Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло. Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хІара дерриге а деш волчу Везачу Эло. Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода