Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву. Сайн оьгІазаллехь а, дераллехь а хьуна тІехь, кхел а йина, таІзар дича, хьох эхье хІума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дІахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса. Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дІахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хІинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пІелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а. Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таІзар дийр ду». Іанийна цІий цунна чохь ма ду. Иза тархана тІехь дитина цо, лаьтта тІе охьа а ца Іанош, цу тІе чан ца йиллийта. Ас цІий тІулгаш тІехь дитина, иза къайла ца даккхийта. Ас иза дина адам оьгІаздахийта, цаьрга хІаллакбиначеран чІир эцийта».
Выбор основного перевода