Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Коьллашкахь кІело йина Іуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кІело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дІалоцу цо. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхІуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна. Айса аьллачуьнга ладогІарх дІакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал йора цара. Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. Динан дайн тоба тера ю кІелонехь Іуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гІигІ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьІахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу. Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.
Выбор основного перевода