Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна делла хилла долчу. Цундела Ас Сайн оьгІазалла дІагойтур ю царна, Сайн дераллин цІерца Ас хІаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.
Выбор основного перевода