Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогІуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хІаллакдархьама. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цІушна тІебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогІуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгІазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догІу таІзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гІуллакхашна тІе кхахьпалла хІунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода