Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. «Адаман кІант! Ярушалаймехь болчу нахе цара лелийна мел долчу вочу хІуманех лаьцна дІаала. Царна тІехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кІант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хІуманех лаций. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цІий Іанадечу гІалин. Иза мекханан томмагІаш тІехь долчу ех тера ю, шена тІера телхинарг дІа ца даьллачу. Цу чуьра дакъош схьадаха, царах кхаж а ца тосуьйтуш. Іанийна цІий цунна чохь ма ду. Иза тархана тІехь дитина цо, лаьтта тІе охьа а ца Іанош, цу тІе чан ца йиллийта. Ас цІий тІулгаш тІехь дитина, иза къайла ца даккхийта. Ас иза дина адам оьгІаздахийта, цаьрга хІаллакбиначеран чІир эцийта». Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цІий Іанадечу гІалин. Ас-Айса йоккха цІе латор ю. Бохам тІебогІу цІийх юьзначу гІалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хІонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.
Выбор основного перевода