Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?» Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Веза Эла! Куралла яц сан даг чохь, дегаллица сан бІаьргаш ца хьоьжу. Ас гІайгІа ца бо сийлахьчу хІуманийн а, со кхетачу тІех халачу хІуманийн а. Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. Суна чохь долу са хІинца синтеме ду, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хІонс санна хир ду хьуна, хІунда аьлча хьо сох тешна дела’, – боху Везачу Эло“». «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
Выбор основного перевода