Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса иза Махьси-ЯхІун кІентан Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира, сайн ден вешин кІантана Хьанамиалана а, цу кехат кІел куьг яздина болчу тешашна а, гІаролхойн кертахь охьахиъна Іаш мел болчу яхІудхошна а хьалха. ЯхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІанта ЯхІу-Якхама олалла до доьалгІа шо долуш, Ярми-ЯхІуга Везачу Элера иштта хаам кхечира: ТІаккха Ярми-ЯхІус Нери-ЯхІун кІант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тІе дІаяздора. Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хІара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хІокху хьарчийначу тептар тІе дІаяздина». Ярми-ЯхІус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира. Цул тІаьхьа яхІудхойн паччахь волчу ЯхІу-Якхама дагийначу тептар тІехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тІе дІаяздира. Цу дешнаш тІе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дІаяздина.
Выбор основного перевода