Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса дечу узарша со гІел а во, дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. Паччахьо шен кІанте Ярахьмиале а, Іазриалан кІанте Сари-ЯхІуга а, Іабдиалан кІанте Шалам-ЯхІуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхІу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера. qac Вqac*он тІе а догІуш, халчу лоллехь иза хили, ЯхІудан халкъ йийсаре ма диги. Хийрачу мехкашкахь даха иза хаийти, амма цхьа а синтем цунна-м ца карий. Массо а цуьнан мостагІий цунна тІаьхьабевли. Готта йолчу оцу меттехь уьш цунна тІекхии. Тхуна тІаьхьабевлларш тхан коча баьхкина. Ткъа тхо гІел а делла, синтем а бац тхан. Делан къинхетамца оцу тайпана долу гІуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догІмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу.
Выбор основного перевода