Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгІна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тІе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаІална сагІанаш а дохуш, цара Со оьгІазвахийтина». Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дІа а яьккхина, йоха а йина, хІаллакйина хир ю аьлла, Аса дІахьедар дахь, амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахІоттар а деш, орамашца иза дІадогІа деза аьлла, Аса дІахьедар дахь, амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догІахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза.
Выбор основного перевода