Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. ХІара ду Адаман тІаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. Цхьана агІор боьршачу стага шен коьрта тІе хІума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агІор зуда шен майрачун сийлалла ю.
Выбор основного перевода