Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тІехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву. Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш! Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. Тешарна тІехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац. Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
Выбор основного перевода