Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе. Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Іехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. Мелхо а, аса, сайн дегІ кхоа а ца деш, цунна тІехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.
Выбор основного перевода