Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо. Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хІорра а бага дІакъовлахьа! Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хІара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?» Веза Эла! КІелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах. Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хІун дийр ду те? Цо шуна стенца таІзар дийр ду те? ТІемалочун ирачу пхарца а, жІоламах богуш болчу кІегаца а Цо таІзар дийр ду шуна. Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до. Хьекъалечу нехан къамело хааршна тІекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу.
Выбор основного перевода