Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». стеган багахула чудоьдуш долчу хІумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен». Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. Сан дуьхьа иштта цхьа бер тІеоьцучо Со а оьцу тІе». Ткъа Іийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхІазза хир дац, ворхІазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду.
Выбор основного перевода