Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьна дІахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхІудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гІала юхаметтахІотто гІерташ бу. Цара хІинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. Цу хенахь царна тІевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тІехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаІе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. ТІаккха оха дІайийцира царна и гІишло еш болчеран цІераш.
Выбор основного перевода