Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шун Везачу Дала гІайгІа еш долчу оцу лаьтта тІехь даим бу шун Везачу Делан бІаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гІо дарна, со иракара а хІоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина». Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгІучаьрга а. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу».
Выбор основного перевода