Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. Ярушалаймехь лаьттачу Делан цІа долчу шаьш схьадаьхкина шолгІачу шеран шолгІачу баттахь Шалтаалан кІанта Зурбабела а, ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а болх дІаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тІехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цІа дечу белхалошна тІехь куьйгалла латтадайта. ГІишлоярхой Делан цІийнан бух боьттина бевлира. ТІаккха динан дайша, шайн духарш тІе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кІенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цІестан жима негІарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дІалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хІума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Делан цІа дина делира Адар-беттан кхозлагІчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгІачу шарахь. «Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла.
Выбор основного перевода