Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шеран борхІалгІачу баттахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан хІара дош кхечира: «Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла.
Выбор основного перевода