Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Паччахьна дІахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхІудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гІала юхаметтахІотто гІерташ бу. Цара хІинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ – аьлла. Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дІадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагІерта ца беза. ТІаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора.
Выбор основного перевода