Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. ТІаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цІийнан бух боьттира. ХІетахь дуьйна схьа и цІа деш а ду, хІинца а дина далаза а ду“. Делан цІенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегІаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра схьа а эцна, Бавел-гІала дІаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цІа чу юхаерзо еза. Царах йолу хІора хІума Делан цІа чу шайн-шайн метте охьайилла еза». ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама.
Выбор основного перевода