Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
И бІе дезткъа де дІадаьллачул тІаьхьа паччахьо Шушан-гІалин гІопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дІахІоттийра. И той ворхІ дийнахь лаьттира паччахьан цІийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тІера уггар а хьалдолчу стагана тІекхаччалц волу цу гІопара массо а вахархо. И керт яра кІайчу а, сийначу а басахь долчу вēтанан кІадешца кечйина. Уьш кІайн а, цІарула-цІен а долчу кІадинах йинчу тІергашца шагатІулган бІогІамашна тІе даточу хІазаршца дІатесна яра. Деших а, детих а йина садаІа меттигаш яра уьйтІахь кечйина. И уьйтІе, баьццара тІулгаш а, шагатІулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хІума а, иштта Іаьржа тІулгаш а дехкина, кечйина яра. Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьІначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан. Паччахь чІогІа оьгІазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара. Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. Ша чагІар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХІун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дІалур ю». Іеса стаг кхоьруш дерг цунна тІедогІур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьІахкашна дарбане а ду. Паччахьан дарвалар лоьмо гІигІ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тІебоуьйту. И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла.
Выбор основного перевода