Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хІума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХІун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дІаяла езахь а». Ша чагІар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХІун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дІалур ю». нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХІаманца цхьаьна аса церан сийнна хІотто леринчу тойне вогІур ву. ТІаккха дІаэр ду аса паччахье сайна луург». Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХІаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.
Выбор основного перевода