Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хІума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХІун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дІаяла езахь а». Ша чагІар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХІун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дІалур ю». Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гІалин гІопахь жуьгташа пхи бІе стаг вийна, царна юкъахь ХІаманан итт кІант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хІун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хІун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».
Выбор основного перевода