Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьо хаьттира: «ХІинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цІийнан арахьарчу керта ХІаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бІогІам тІе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера. Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тІе боккха горга тІулг охьакарчийта гІертачунна и тІулг цунна шена тІекерчар бу. Кхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло. Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дІовш тоха тарло. Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТІаккха цара, даьІахкаш а кегъеш, хІаллакбира уьш. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.
Выбор основного перевода