Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хІаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дІадала». Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХІаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогІийла луур дара суна». нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХІаманца цхьаьна аса церан сийнна хІотто леринчу тойне вогІур ву. ТІаккха дІаэр ду аса паччахье сайна луург». элира: «Паччахь, хьайн цу тІехь лаам а белахь, хьан бІаьргашна со езаш а елахь, хьан бІаьргашна хьалха хІара нийса а делахь, сан дуьхьа хІара гІуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агІагхо волчу ХІамдатин кІанта ХІамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хІаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош.
Выбор основного перевода