Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дикачу стага суна таІзар дойла – иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла – сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дІа ма къаьхкийла! Ткъа сан доІанаш гуттар а Іесачеран зуламна дуьхьал ду. ЮьхьІаьржо а, къоьлла а хир ю тІехбеттам тІе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду. Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугІуш волчун Іаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю. Шега бехк баккхар дІатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугІучунна хьекъалалла карадо. Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гІоле ду, доттагІчуьнга болу безам къайлабахьарал. Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю. Стагера даьлла гІалат цуьнга дІадийцинарг тІаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал.
Выбор основного перевода