Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гІала а схьаяккхало, церан бІобулуш хилла долу пенаш а дохало. Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чІагІлуш хуьлу. Стигална кІел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира. Иштта шена чохь кІеззиг бахархой болуш цхьа жима гІала яра. ТІаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тІе а гІоьртина, гІалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гІалина. Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а. Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гІоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цІогІанал. Хьекъалалла тІеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хІаллакдо.
Выбор основного перевода