Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа лаьтта тІера Іаь хьалайолура, и дерриге а латта тІада а деш. Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тІера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла. Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гІерта. Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тІелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза. Цуьнан цІа стаг Іожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тІе кхачаво. Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу. Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха, хІунда аьлча догцІена берш лаьтта тІехь бехар бу, кхачаме берш цу тІехь буьсур бу, амма Іеса нах лаьтта тІера дІахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тІера дІабохур бу. Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кІеда а хуьлу, амма тІаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агІор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дІакъахка. РечІанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кІелхьарвала. Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дІалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тІаьхьаваьлла лелахь, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хІун ду хьуна хуур ду. Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кІело санна ю, Везачу Эло неІалт аьлларг цу чу вужур ву. Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хІаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь. Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла. «Хьажал суна карийначуьнга, – олу устаза. – ХІара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гІуллакхийн маьІна хІун ду те карорхьама.
Выбор основного перевода