Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іесанаш дукха хІунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Адамийн гІайгІанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гІело а ца хьоьгу. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дІаса а даьржа. Цундела цара дечунна тІедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» Иштта бу и Іесанаш! Цхьана а хІуманан гІайгІа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. Ас сайн дагахь элира: «ТІаккха аса сайн дог цІандар а, сайн куьг цІена леладар а эрна хилла те? Хьанна хаьа, хІун дикаха ду адамна шен, ІиндагІ санна, дІауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кІел дІакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг? Къинош летош волчо бІозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела. Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ІиндагІ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела. Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тІе ца кхуьу хІума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тІе дан деза вон тІедогІу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду!»
Выбор основного перевода