Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цІена ву, со сайн къинойх цІанвелла»? хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох. хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.
Выбор основного перевода