Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цо дохийнарг юхаметтахІотталур дац, Цо чувоьллинарг паргІатвер вац. Сеттина йолу хІума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац. Массо а хІуманна а цунна йогІуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дІадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. ТІаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кІел мел дечу хІуманна адам тІекхиалур доцийла. Хаа мел гІертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа. хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?
Выбор основного перевода