Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хІунда аьлча сан дахар эрна ду. Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хІумма а йоцург ю. Билггал, хІора стеган дахар хІо санна бен дац-кх. Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. КІезиг берш доІу са бен бац. ЦІеяхна берш хІумма а доцург бен бац. Терзанна тІедехкича, церан барам бац. Уьш доІучу синан барамехь бен дац. Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ІиндагІ ду. «Ма кІорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кІорга къайле ю! Ма дукха хІума ду вайн кхетам тІе ца кхуьуш!» Дала мел кхоьллинарг цу хІуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХІунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду. Иштта хІун хуьлу ткъа адамна стигална кІел ша бинчу балхах а, шен деган гІайгІанах а? Буьсун болу хІун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах?
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода