Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Стигална кІел къахьоьгуш, ша мел динчу хІуманах буьсун болу хІун пайда оьцу адамо? ТІаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гІуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Стигална кІел цу гІуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац. ТІаккха суна деза ца делира хІара дахар, хІунда аьлча стигална кІел мел дечу хІумано гІайгІанаш яхьа. И дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дІадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума, махана Іуналла дан гІертар санна. Суна гира, адамо мел дечу гІуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. ГІенахь гиначуьнга сатуьйсуш лелачул, шен долахь долчух марзо эцар дикаха ду. Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода