Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. Ткъа Сулим-паччахьо бІе эзар гали кІа а, цхьа эзар биъ бІе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хІора шарахь Хьирам-паччахьан цІахь мел волчунна. Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира. ТІаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тІедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар. ТІаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хІора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цІахь Іара. Адунурама куьйгалла дора царна тІехь. Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла. Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХІунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хІун дан тарло цул тІаьхьа дІахІуттун волчу стага? Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш. Хьекъалалла а, гІуллакхийн маьІна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тІедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Іовдала дуйла а.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода