Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чІагІделла лаьттира. ХІорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кІентан Сулим-паччахьан кицанаш ду. Устаз волчу аса Ярушалайм-гІаларчу Исраилан халкъана тІехь паччахьалла дора. «Хьажал суна карийначуьнга, – олу устаза. – ХІара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гІуллакхийн маьІна хІун ду те карорхьама. «Ма кІорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кІорга къайле ю! Ма дукха хІума ду вайн кхетам тІе ца кхуьуш!» Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дІаяздора. Цу устазо, догІуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дІаяздина.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода