Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хІун ду довзийтархьама!» Амма аса жамІ дира, иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду аьлла. Ярушалайм-гІалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидІа а соьца дуьсура. ТІаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТІаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хІун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду».
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода