Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гІуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! Стигална кІел деш долу дерриге а гІуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Іуналла дан гІертар санна, кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш ду. ТІаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагІар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хІун дика хуьлу сайна довзийтархьама. Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХІунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хІун дан тарло цул тІаьхьа дІахІуттун волчу стага? Хьекъалалла а, гІуллакхийн маьІна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тІедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Іовдала дуйла а.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода