Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цІарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гІо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чІагІдора Цо. Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! «Когаш тІе хьалагІатта!» – элира цо заьІапчуьнга. И стаг, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира.
Выбор основного перевода