Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дІахаийтира: Барраб кІелхьара а ваьккхина, Іийса вен кхел яйта лаар. ТІаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дІахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб». «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахІоттийнера, царна Барраб дІахецар гІоле хетийтархьама. Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хІун дан лаьа шуна ас?» Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. (ГІалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.) Пулата, Іийса дІахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» Амма цара чІогІа маьхьарий хьоькхура, Иза жІарах дІатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. Цо сацам бира церан лаам кхочушбан. Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дІа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо. Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Выбор основного перевода