Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа. Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тІе“. Иза ю Сан цІе абадехь, цу цІарца хьахор ву Со тІейогІучу тІаьхьенаша. Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тІехь кхиам болуш хир ву. Иза чІогІа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву. Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тІехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? элира: «ХІара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. ХІародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хІумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хІумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза». Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза». Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. (ГІалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.) Пулата, Іийса дІахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» Амма цара чІогІа маьхьарий хьоькхура, Иза жІарах дІатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Іийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. „Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бІаьрганегІар хьалаайа а ца ваьхьаш.
Выбор основного перевода