Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
Выбор основного перевода