Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. ХІунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.
Выбор основного перевода