Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайме а веана, Іийсан мурдех дІакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хІара а Цуьнан мурд хиларх. Мац а велла, яа хІумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна. Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Цул тІаьхьа, кхо шо даьлча, ШамІа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гІала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.
Выбор основного перевода