Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахах ларлолаш, цара кхеле дІалур ду шу, шайн гуламан цІенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. Іийсан некъа тІе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тІе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. Ас таІзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цІеношкахь, уьш шайн дина тІера юхабовлийта гІерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгІазалла сел чІогІа хиларна, кхечу гІаланашка а воьдура со уьш схьалеца».
Выбор основного перевода