Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу». Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву». Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина.
Выбор основного перевода