Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Іийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш? Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза.
Выбор основного перевода