Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Муса четарна чу вахча, мархин бІогІам, охьа а богІий, четарна чу воьдучохь соцура, тІаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора. ХІоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бІогІам халкъана гича, хІора а лохха охьатаьІара шен четарна хьалха лаьттачохь. Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагІчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогІура, ткъа цуьнан гІоьнча, Нунин кІант ЮшаІ, гуламан четарна уллора цкъа а дІа ца волура. Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?»
Выбор основного перевода