Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн доьзалехь баьчча волу хІора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. Шуьца хинболчу нехан цІераш хІорш ю: Раабанан тІаьхьенах – Шидауран кІант Элицур; ШимІин тІаьхьенах – Цура-Шидин кІант Шелумиал; ЯхІудан тІаьхьенах – Іамминадабан кІант Нахьшон; Исраилан тІаьхьенах – ЦуІаран кІант Натунаил; Забулан тІаьхьенах – Хьелонан кІант Элиаб; Юсупан кІентех: Эпрайман тайпанах волу ІамихІудан кІант Эли-ШамаІ а, Маннашан тІаьхьенах волу Падацуран кІант Гамлиал а; Бен-Яманан тІаьхьенах – ГидІонин кІант Авдани; Данан тІаьхьенах – Іами-Шидин кІант АхьиІазар; Ашаран тІаьхьенах – Іухранан кІант ПагІиал; Гадин тІаьхьенах – ДаІуалан кІант Элъясайп; Напталан тІаьхьенах – Іайнанан кІант АхьираІ». Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.
Выбор основного перевода